«ГОЙ ШУНА, ДОТТАГIИЙ» — БИСУЛТАНОВ АПТИ

preview_player
Показать описание
ГОЙ ШУНА, ДОТТАГIИЙ

Гой шуна, доттагIий, вайн наной къанлуш бу денна,
Хебарша кхелинчу йаххьаш тӀе къоьжалла оьгу.
ХӀораннан вайн даг чу гӀайгIане сахьийзар деъна,
Зама а сихйелла дIайоьду, некъ некъах тоьгуш.

Гой шуна, доттагIий, вайн наной къонлуш бу денна,
И нанойн дегнаш ду даккхийдеш кхуьучу кӀентех.
ХӀораммо техкийна ага а ца хилла-кх эрна,
Нахана дика дан кӀант хилча хlора а цlен тӀехь.

ХӀора де — цхьа кlайн чо, хlора де — цхьа хазахетар,
Вайн нанойн баккхийбер кортош а кхелина къега.
Гой шуна, доттагIий, наношна мел чӀогӀа оьшу
Хилар шаьш баккхийбеш шайн кӀентийн дикане хьоьжуш.

Бисултанов Апти
Рекомендации по теме
Комментарии
Автор

Баркалл хьуна. Дала lалашве хьо. امين

jonkillman
Автор

Ч1ОГ1А яр, дикаа йеши!Дикачу к1ентех баккхийбеш иманчохь наной кхуьийл вай, т1акха К1ентий а кхиъбер бу къоман а, Даймехкан а пайде!

Dorogavvechnosti