filmov
tv
Бисултанов Апти #нохчийнмотт #даймохк #чечня #безам #аптибисултанов #бисултановапти

Показать описание
ЗIимарге духар ма деха,
ЖухIарге гIайгIа ма еха,
Ма деха ахь соьга дешнаш,
Сан дагчохь туьханах дешнарш.
Хьо йоцуш дезна сан хийла
Хьан сибат синкIоргехь къийла,
Хийла чухирцина бердаш,
Сан некъаш дIакъовла гIерташ,
Хийла дIабоьллина цара
Сан деган мохь эрна арахь,
Хийла дIахьулйина цара
Сан дагалецамийн яраш.
ТIулга тIехь кхиийна рицкъа,
Хьан цIе а - сан деган ницкъ а,
Дерриг а дIадайа гIерташ,
Хирцина сан некъийн бердаш.
Мехашка ма еха хIусам,
Арене ма деха пусар,
Ма деха ахь соьга лерса,
ЛадегIна кхачийна лерса.
Некъашка ма деха тIемаш,
Замане ма беха темаш,
Ма деха ахь соьга бIаьрса,
Хьо ца гуш кхачийна бIаьрса.
Сан шераш хIораш ду-кх хьуна,
Сан лораш йолуш ю-кх хьуна,
ХIара ю-кх хьуна сан ойла,
Ас хьох бен ца йина ойла.
Хеттаршна ца оьшу зоьпарш,
Деза ду эшамийн жоьпаш,
Дуьненан, эхартан доза
Ахь гайтар деза ду бIозза...
Апти Бисултанов
ЖухIарге гIайгIа ма еха,
Ма деха ахь соьга дешнаш,
Сан дагчохь туьханах дешнарш.
Хьо йоцуш дезна сан хийла
Хьан сибат синкIоргехь къийла,
Хийла чухирцина бердаш,
Сан некъаш дIакъовла гIерташ,
Хийла дIабоьллина цара
Сан деган мохь эрна арахь,
Хийла дIахьулйина цара
Сан дагалецамийн яраш.
ТIулга тIехь кхиийна рицкъа,
Хьан цIе а - сан деган ницкъ а,
Дерриг а дIадайа гIерташ,
Хирцина сан некъийн бердаш.
Мехашка ма еха хIусам,
Арене ма деха пусар,
Ма деха ахь соьга лерса,
ЛадегIна кхачийна лерса.
Некъашка ма деха тIемаш,
Замане ма беха темаш,
Ма деха ахь соьга бIаьрса,
Хьо ца гуш кхачийна бIаьрса.
Сан шераш хIораш ду-кх хьуна,
Сан лораш йолуш ю-кх хьуна,
ХIара ю-кх хьуна сан ойла,
Ас хьох бен ца йина ойла.
Хеттаршна ца оьшу зоьпарш,
Деза ду эшамийн жоьпаш,
Дуьненан, эхартан доза
Ахь гайтар деза ду бIозза...
Апти Бисултанов
Бисултанов Апти #нохчийнмотт #даймохк #чечня #безам #аптибисултанов #бисултановапти...
дешнаш : Бисултанов Аптин #чечня #даймохк #нохчийчоь #бисултановапти...
Апти Бисултанов дег1аста
ОСНОВА СВОБОДЫ НОХЧИЙ-ЧЕЧЕНЦЕВ. Апти Бисултанов
Апти Бисултанов Дег1аста
Апти Бисултанов. нереально красивый стих
Бисултанов Апти 'Со цецвуьйлу...'
Апти Бисултанов ( Багонза бисинчийн назма ) / Нашха
(Бисултанов Апти)
Апти Бисултанов...
27.02.1944 г.Геноцид в селении Хьайбаха, Нашха.Хьайбахахь багийначийн назма/Апти Бисултанов.#Хьайбах...
«ГОЙ ШУНА, ДОТТАГIИЙ» — БИСУЛТАНОВ АПТИ
Apti Bisultanov/Апти Бисултанов..
Бисултанов Апти 'Нене'
Фокус сын Рамзана Кадырова
Апти Бисултанов. до1а.
NAZMA studio_'Йочана...'_Бисултанов Апти
Бисултанов Апти , Дег1аста . ( видео с Нашха)
ТЕШАМ БОЦЧУ К1АНТАНА,ЙОIА ЛЕКХНА ЙИШ/ БИСУЛТАНОВ АПТИ
БАЙТ: ДАЙМОХК ||| Т1ЕМАХ ЛАЬЦНА
Ас хьан чlабанех... (Бисултанов Апти)
Апти Бисултанов. Дег1аста.
Апти Бисултанов. Са.
Нашха. Ущелье река Гехи. Стихотворение Апти Бисултанова. 'Цхьа адам ирсе дан кхин адам оьшу&ap...
Комментарии