Апти Бисултанов (Сентябрехь луо)

preview_player
Показать описание
Сентябрехь луо

лай кlелахь ченаш
цlе санна йовха
жималлин чемаш
ишта дlабов-кха

ткъа когаш бохбо
хlинца а цара
жималлин мохь го
сан деган арахь

гуьйре тlейале
Iа деъна хилча
гlеметта вале
къанвелла хилча

жималлин чемаш
цlе санна бовха
лай кlелахь ченаш
ишта дlайов-кха

Апти Бисултанов  1990 шо
Рекомендации по теме
Комментарии
Автор

Ма Ша Аллах, дешнаш къорггера маь1на а долуш хуьлу Аптийн!

YouTub-wi
Автор

Далла бу хастам вайн оццул хаза мотт белла. Дала и 1алашбан хьекъал лойла вайн!

vvvmmm
Автор

Дала ваахве хьо, Альви.Даггара йоьшу. امين

jonkillman
Автор

Жималлин МОХЬ го сан деган арахь: мохь-крик? йа мохь-груз?

jonkillman