Апти Бисултанов ( Багонза бисинчийн назма ) / Нашха

preview_player
Показать описание
(Багонза бисинчийн назма)

Iуьйренаш, шу марша Iойла,
Суьйренаш, шу марша Iойла,
Тхо дIадоьлху ДегIастана,
Сийна Сибрех, марша Iойла.

Малх схьакхеташ хилла Сибрех,
Малх чубузуш хилла Сибрех,
Лаьттан кийрахь, кешнех хьоьгуш,
Тхан дай буьсу шийла Сибрех.

Малх схьакхеташ Даймохк бу тхан,
Малх чубузуш Даймохк бу тхан,
Сийсазйина кешнийн керташ,
Тхоьга кхойкхуш Даймохк бу тхан.

Доза доцу шуьйра Сибрех,
ЧIагIо йоцу хийра Сибрех,
Хьуо елхийна миска наной,
Тхан дIаэцна шийла Сибрех.

Доза доьхна Даймохк бу тхан,
ЧIагIо йоьхна Даймохк бу тхан,
Акхадевлла лаьмнаш херцаш,
Тхуна боьлхуш Даймохк бу тхан.

Тхо, тхаьш лайнарг, лайна девли.
Тхайна гинарг, гина девли.
Дела воцург накъост воцуш,
ХIокху хене тхо ма девли.

Лан йисина марзо ю тхан,
Ган дисина лаьмнаш ду тхан,
ДегIастанан хьаннийн кийрахь,
Кхолла езаш маршо ю тхан.

Iуьйренаш шу оха йити,
Суьйренаш шу оха йити,
Кхин ца лела чIагIо йина,
Сийна Сибрех оха йити.
Рекомендации по теме
Комментарии
Автор

Апти Бисултанов лучший поэт нашего времени 👍👍👍

ЯсаевМансур
Автор

Аллахl декъал бойла къелханчан, Аллах1у зинах зуламах ларбойла цера т1аьхь биснараш. Бусалба неха некъаш хидош бараш Аллах1у сисаз бохийла

Dada_Sharip
Автор

Апти Бисултанов-поэт с божественным даром .Дала дукьвахвойла хьо.

annasidorova
Автор

Йозанца йазьина йара байт каро йиш йарий?!

jkgcBaco
Автор

Мурад, как связаться с тобой? Ма ч1ог1 хатт хум дар са. Я Нашхо тайпан, но кое какие детали уточнить оооооочень хочу

osman
welcome to shbcf.ru