«эшаран денош» — 🔸️Бисултанов Апти🔸️

preview_player
Показать описание
Сан тахна эшаран денош ду, доттагIa,
Толамаш кханенгахь бисна.
Йуха а сайн кхоллам кхожа тlе хӀоттабан
Масийтта lалашо йисна.

Цlеначу дагара йуха а вирзина,
Дог lабош цкъа велавала,
Вистхуьлуш: «Гой шуна, сан чевнаш йирзина?»
Доллучу къинойх цlанвала.

Ткъа тlаккха, са доцчу, кlезгачу нахана
Гечдина, веза стаг хилла.
Керла йукъ йихкина керлачу дахарна,
Доладан кхин керла илли.

Сан дин бу терсашберг, некъана гечдина,
Къобалдеш дахаран туьйра.
Сайн ненан пурбанца шедан кхаж кечбина,
Хуур ву со цуьнан нуьйра.

Со вагlахь вогlур ву, со висахь вуьсур ву,
Бlешерех чекхваьлла ваьлча,
Жимачу йуьртара мехкарий хьуьйсур бу
Со варе, хан-зама йаьлча.

Вовш хилахь, вовр ву со, седанах кхерстина,
Туьйш хилахь, — хlолламах туьйр ву.
Сан дин а богlур бу, lуьйренца терсина,
Дохьуш ас йаздина туьйра.

Ахь тlаккха дешалахь, цхьа могlа биц ца беш,
Воцучу доттагlчуьн дахар,
Адамийн бlаьрхишца тlадамаш хlиттадеш,
Дерзийна хlора а дакъа.

Дешна хьо ваьлча, ахь и дин дlахецалахь
Къонахий лелачу новкъа.
Сох бисна шедан кхаж хьайн кара эцалахь,
Хьан куьйгахь — сан куьйган йовхо...

Сан тахна эшаран денош ду, доттагlа,
Делахь а со чlогlа тешна,
Тlаьххьара кхолламна йуьхь-дуьхьал хlотталца,
Ца къаьстий тоьлларг йа эшнарг.

Бисултанов Апти
Рекомендации по теме
Комментарии
Автор

Апти дала ша могша лела войла хьо.
И хаза дешнаша язда.

РовзанБаймурадова-щъ
Автор

Аптийн мог1анаш дойзар дара эзарнаш мог1анаш юкъе… 🤍🤍🤍д1аешар а дара хаза! 👍🏼👍🏼👍🏼👍🏼👍🏼

РадаГаланина
Автор

Дала ирс долуш ваахвойл хьо. امين. Дик болх бу ахь бийриг.

jonkillman
Автор

Ч1ОГ1А дик яр!Дика а йийши!"Т1аьххьара кхолламна йоьхь- дуьхьал хотталца, Ца къаьста тоьлларг йа эшнарг"!Къонахчуьн дахарехь къийсам, къар ца валар, 1ожалло бен сацор доцу къонахчун йахь йолу дог, турпалхочуьн юьхьар лаьцна некъ!

Dorogavvechnosti
Автор

Хьо цигахьа волшехьа, хьайа ц1еранаша ца бица бокса ахьа.

РовзанБаймурадова-щъ