filmov
tv
«Цайевзарг» ~ Бисултанов Апти

Показать описание
ЦАЙЕВЗАРГ
1 ‐ дакъа
со хьоьца laш вара
хьо чоьхьа йелира
lадийна цецваьлла
ас хьоьга элира
— цайевзарг алахьа
со вевзий хьуна?
— ца хаьа хьуна?
жоп цхьалха далале
хан-зама йелира
йуха а со хьоьца
тleкapa велира
— цайевзарг алахьа
со гиний хьуна?
— ца хаьа хьуна?
цу хенахь ша-шеха
нel йекъайелира
кхин хlусам хир йоцуш
тхов бекъабелира
со сайца висира
хьо хьайца йисира
мел долу хаттар сан
жоп доцуш дисира
вайн къастар хlораза
иштта ма хуьлура
хьо гучуйаллалца
хьо соьца хуьлура
хlораза хьуо оьций
иштта дlайовра хьо
дlайайча кхин а сов
сан дагна товра хьо
2 - дакъа
со хьоьца волало хуьлу хьо тlома
со хьуна велало хуьлу хьо гома
со соцу малх хуьлий тулгlенаш йаржош
йуьжу хьо сан дагалецамийн loмa
лаьхьанан когийн лар дlайевлла хенаш
зингатан бlаьрга го хьан куьйгийн кенаш
со вуьсу секха дог гlевланга дуьллий
хаддаза тергалдан хьох долу гleнaш
со тloмa гlотту хьо тlулг хуьлу кочахь
со хьуна дарло хьо йелало коча
хьан йистцахиларо синбердаш херцош
хьоьга ладоьгlий сан са лере кхочу
берд байна тулгleнaш дlадаьлла дахар
чуьртана доладар хьоьга догдахар
хьо йуьсу бlе эзар бехкаман долахь
йесаллехь сан деган мохь хуьлий йаха
хьуна тlекхевдича гlоьмаша лоцуш
хьуна букъ берзийча кхардамо лоцуш
дерриг а карийна дерриг а дайча
мукlарло ду-кх хьуна хьуна бен доцу
цlа доцуш лелла со цlе йоцуш лелла
мохк боцуш лелла со некъ боцуш лелла
хьан озо вижавеш хьан озо гlaттош
хьо гlaм ду йиша йу ца хууш лелла
3 - дакъа
хьоьга ладегlаp мохе цlа дехар
хьоьга ладегlар тlулге са дехар
хьо цхьаъ бен йоцуш йерг цкъа а ца хилларг
серлонна йоцуш йерг боданехь тилларг
бlе эзар цlе йолуш дуьненчу йаьлларг
сан деган ца боьрзу мохь хилла йаьлларг
хьо йицйан гlертар куьйга хи шардар
хьо йицйан гlертар кога гlан къардар
ден букъехь со воцуш хьо ненан кийрахь
къастийна дара те гергара хийра
азаллехь вайн синош кхуллучу хенахь
къастийна дара те самах йа гlенах
хьоьга ладегlap хьо йицйан гlертар
соьцанна гlур ду цкъа кешнийн керта
4 - дакъа
доlaннa дехар
хьо оьшу суна
и дехар хьеха
хьо оьшу суна
докъанна марчо
хьо оьшу суна
и марчо хьарчо
хьо оьшу суна
хьан дош а сан дош а
къайлаха жайнаш
азаллехь йаздина дарий те вайна
доlанна тешам
хьо оьшу суна
и тешам эша
хьо оьшу суна
чуьртана бала
хьо оьшу суна
и бала кхала
хьо оьшу суна
хьан дош а сан дош а
къайлаха жайнаш
эхартахь мукъна а гур дуй те вайна
Бисултанов Апти
1992 - 2009 шо
Комментарии