filmov
tv
Дешнаш : Матагов Ихьсан

Показать описание
Шаьш йеш, цхьана хан чохь, цхьа пхьераш, цхьана пхьалгlехь баьхкинчу, хьуна герга оьхуш аса шайн айраш даийначу мачийн дукхаллин бараман доза хууш вац со, йа,
…хlетахь дуьйна.., хlара хан кхаччалц йолчу йукъанна со а, сан ойланаш а леллачу хьуна тlедоьлхучу некъийн хьесап дан кхетаман кхачо а йац соьгахь, тахана, кху буса коьртера мацахлера тептарш листа ваьлча.
…Аса хьо лелачу некъашкахь шайн айраш даийна йолу мачаш йина болчу пхьерех цхьаберш кхелхина хила а ТАРЛО, …кхиберш кху сохьта дlалелаш а.
Кху буса санна, …шегахь йолчу бакъоне диллича, хила ТАРЛО» бохург дар-кх хlара даим а, соьца барт а тайна со цхьана бух боцчу lалашоне ийзийнарг а…
…Дера дара.., иштта дара иза. Со цу тlехь гал ца ваьлла. Йан а йара хьо, бух боцу сан lалашо.
…Хьо-м, цкъа хьайца тилавелларг кхин вухаван хуур доцуш, йуькъачу хьаннийн кlоргенех тера а йара.
Соьга мохь беттара нислора кху дуьненчохь.., аьлча а, сан дегlе мохь бетташ: «хьенех, во хьенех».
Цунах гlуллакх ца хилча меттах хьевеш хиллера со, кху дуьненчохь со шайна вевзаш долчу адамаша.., Дала суна деллачу адамаша. …Масане дара уьш…
Суна ца лаара кху замане вухаван, суна тилавелла а волуш виса лаара. …Виса лаара, сайн цхьана метте хьажийна лаьттачу, йа хьаббинчу бlаьргашца, иштта дlа хьоьца йолчу кlоргенехь — цхьамма-м мохь беттахь а, цхьамма-м меттах хьевахь а.
Матагов Ихьсан