filmov
tv
Моьтту хир ду... (Матагов Ихьсан)

Показать описание
Матагов И.
Моьтту хир ду хьуна-м йезаш лела,
велакъежна аьлча хьайга цхьаъ.
Иштта дац и, къамелехь со веларх,
хетарх хьуна иза мерза кхаъ.
Деган делхар ца хаийта Ӏеми
сан сибатна пардо лаца иштта.
Хьан кехатех самалха а дели,
къастадаллал кху сан бӀаьрахишца.
Мерза дош а амалера дуьйлу,
сов тӀех кӀеда ца хила а гӀерта.
Ткъа, бакъ ойла ас сайн дагехь къуьйлу,
кхетам а сан, хьалхачух бац аьрта.
Тешам а бац хӀинца-м бисна, дӀо-ора,
дог а некхехь даьгна даьлла моьтту.
Сан бӀаьргашна хьо — гергара гора,
ткъа, ахьа-м соь безамах дерг хоьтту.
Моьтту хир ду хьуна-м йезаш лела,
велакъежна аьлча хьайга цхьаъ.
Иштта дац и, къамелехь со веларх,
хетарх хьуна иза мерза кхаъ.
Деган делхар ца хаийта Ӏеми
сан сибатна пардо лаца иштта.
Хьан кехатех самалха а дели,
къастадаллал кху сан бӀаьрахишца.
Мерза дош а амалера дуьйлу,
сов тӀех кӀеда ца хила а гӀерта.
Ткъа, бакъ ойла ас сайн дагехь къуьйлу,
кхетам а сан, хьалхачух бац аьрта.
Тешам а бац хӀинца-м бисна, дӀо-ора,
дог а некхехь даьгна даьлла моьтту.
Сан бӀаьргашна хьо — гергара гора,
ткъа, ахьа-м соь безамах дерг хоьтту.