filmov
tv
Бераллера дагалецам... (Джабраилова Руми)

Показать описание
Бераллера дагалецам
Дийцахьа нана йуха-ъ хьайн туьйра,
Гул а бай вайн доьзал цхьаьна йуьргlи кlел:
«Ма майра летара текхаргах куьйра,
Шен кӀорни къевсина, деллашехь гӀел»
Хlусам вайн шелйелла, цӀе латайехьа,
Ваша ву дигарца доккхуш дечиг.
Пеша чохь мижаргаш, хьокхамаш дехьа,
ТӀо-берам, гlалмакх чай, токхе йериг.
Тхан ловзар дохадай кхайкхахьа шуьне,
Кхоьллинчу Аллахlе тхох беркат доьхуш.
Ма хазахетара цу хенахь дуьне,
Да-нана, доьзал а, вай цхьаьна долуш.
«Балхара кӀадвелла шу да чувеъна,» —
Алахьа йуха а: —«ГӀовгӀа ма йелаш !»
— «Болх бина, кӀадвелла, садаlа веъна!»
— ОьгӀазе алахьа: «Таппъале lелаш!»
Лакхахьа йуха а, нана, хьайн эшарш,
Сагатлуш йоьлхуш хьо, хьайца делхаде.
Хьайна тӀе гул а дай, тхо маракъуьйлуш,
Дийцаршца lеха а деш, тхо дийшаде.
Аьчкан пхьар, тхан ден-да, пхьаьлгӀий чохь воллу,
Богучу кӀорйуккъехь эчиг ду дохдеш.
МорзугӀца кхера цо, эчиг схьадоккху,
Нуьйжа тӀехь чӀургашна хӀазарш ду деш...
Ден-ненан даьхни ду, цаьрца йу гомаш,
Божли чохь, цlов билла кечдина хьаьвда.
Бешахь бу масех дуо, цу чохь йу хьаьжкӀаш
Говра йу дlайоьжна, тӀехь тесна ворда.
Мегий со йуха а «диттийн йукъ» — йаха,
Кlайн-медан, бероза комараш йаа?
Сан дагалецамаш соьца а битна,
Безначех хедайеш зама дlайаха.
Дийзи сан шерашка йуха схьайерзан,
Ма чӀогӀа хала ду, дех хьоьгуш йиса.
Ницкъ кхачац нана хьан, деган чов йерзон,
Бералла дӀайаха, lодика йина.
20.05.2021шо
Джабраилова Руми
Дийцахьа нана йуха-ъ хьайн туьйра,
Гул а бай вайн доьзал цхьаьна йуьргlи кlел:
«Ма майра летара текхаргах куьйра,
Шен кӀорни къевсина, деллашехь гӀел»
Хlусам вайн шелйелла, цӀе латайехьа,
Ваша ву дигарца доккхуш дечиг.
Пеша чохь мижаргаш, хьокхамаш дехьа,
ТӀо-берам, гlалмакх чай, токхе йериг.
Тхан ловзар дохадай кхайкхахьа шуьне,
Кхоьллинчу Аллахlе тхох беркат доьхуш.
Ма хазахетара цу хенахь дуьне,
Да-нана, доьзал а, вай цхьаьна долуш.
«Балхара кӀадвелла шу да чувеъна,» —
Алахьа йуха а: —«ГӀовгӀа ма йелаш !»
— «Болх бина, кӀадвелла, садаlа веъна!»
— ОьгӀазе алахьа: «Таппъале lелаш!»
Лакхахьа йуха а, нана, хьайн эшарш,
Сагатлуш йоьлхуш хьо, хьайца делхаде.
Хьайна тӀе гул а дай, тхо маракъуьйлуш,
Дийцаршца lеха а деш, тхо дийшаде.
Аьчкан пхьар, тхан ден-да, пхьаьлгӀий чохь воллу,
Богучу кӀорйуккъехь эчиг ду дохдеш.
МорзугӀца кхера цо, эчиг схьадоккху,
Нуьйжа тӀехь чӀургашна хӀазарш ду деш...
Ден-ненан даьхни ду, цаьрца йу гомаш,
Божли чохь, цlов билла кечдина хьаьвда.
Бешахь бу масех дуо, цу чохь йу хьаьжкӀаш
Говра йу дlайоьжна, тӀехь тесна ворда.
Мегий со йуха а «диттийн йукъ» — йаха,
Кlайн-медан, бероза комараш йаа?
Сан дагалецамаш соьца а битна,
Безначех хедайеш зама дlайаха.
Дийзи сан шерашка йуха схьайерзан,
Ма чӀогӀа хала ду, дех хьоьгуш йиса.
Ницкъ кхачац нана хьан, деган чов йерзон,
Бералла дӀайаха, lодика йина.
20.05.2021шо
Джабраилова Руми
Комментарии