Хабаев Исмаил | Сан къоман иэс

preview_player
Показать описание
САЙН КЪОМАН ИЭС ДЕХА СОЬЦА...

Соьца веха
гIийлачу нехан дог эшош, Теркаца хьала-охьа ваьхна волу элашна ца гIуьтту эла Мусост шен олаллах вохийна волу Адин Сурхо.

Соьца беха
«дуьзна куьйра санна, набарна теIаш, аганан гIожа тIехь пхьаьрсан дуол туьйсуш айса хьуна баийна и хьена кIайн кхача экханан цIий санна, хьарам би ас хьуна, ахь хьуо ледара гайтахь» бохуш, кIентий мохк ларбан новкъабаьхна болу наной.

Соьца веха
Ушурма, мостагIа ца везаш, зу тIера баI санна шен дегIа тIера чо гIиттина волу.

Соьца веха
Дадин-Юрт йоккхучу дийнахь Iаьмаран Заза шена тIееъча,
«хьешана диначу дуьхьаларчу оти чохь, баьрччехь шу а долуш, духхехь тхо а долуш, оцу хьайн цкъоцкъамийн багара буора ши бIаьрг ас сайга хьажабе аьлча, кхоьлина буьсур бу моьттура хьуна! Тахана хуур ду вайна кIант майра мила ву» бохуш, тур баттара а даьккхина хьийзина волу БахIадаран Муьстарг.

Соьца веха
Майртуьпара Оччар-Хьаьжа, I825-чу шеран июль беттан I6-чу дийнахь Герзель-Эвлахь къаной а гулбина, церан юьхь йохуш, осал къамелаш деш волчу инарла Грековс тIе а веана шен маж лаьцча, бос баьхьна, дукха оьгIазвахана, хьалаяьккхина шаьлта тоьхна ша волччохь и Греков а вожош, Лисаневич бохуш волчу инарлина а чов йина волу. Оцу 3I8 воккхачу стагах цхьаъ дийна ара а ца велира Герзель-Эвлара. Уьш берриш байъира.

Соьца веха
ЦIонтаройн ШоIип-Молла, хIокху махкахь хIора стага шен сий шен туьрца лардо баьхна волу.

Соьца веха
шен доллучу дахарца даккхийчу хьуьнаршна хьаштдерг дегI доцийла, са дуйла гайтина волу Бенойн БойсагIар.

Соьца веха
шен машарах Iийдало куьйгаш чилхьесан гIоьмашца а дихкина,
когех буржалш тоьхна ша лаьцна вуьгуш,
«Хьан дуьхьа воьлхий ша-ма…» бохуш,
Нохчийчу вухахьежна волу Кишин воI.

Соьца веха
ГIубха, шена ирхъолла кхел кхайкхочу кхелахочо: "ХьалагIаттал хьо! Ахь пачхьалкхана ши эзар соьмана зенаш дина. И зие такха хьан ницкъ кхачахь тховса кху кхелах хьалхаволу хьо" аьлла, шега тIаьххьара дош делча, курра хьала а гIаьттина: "И зие такха сайн ницкъ кхочур бу аьлла хета суна, шеко а йоцуш, амма, со кхоьллинчу Делора, тховсалерчу хIокху кхелах хьалхавала Iуьрг даьлла Iаьржа ши шай лур ма дацара ас шуна!" аьлла, охьахиина волу.

Соьца веха
Эвтархойн Ахьмад
Таркхойн Шовхала Нохчийчуьра, цIе йолу, бу-боху кIентий ша волчу хьошалгIа а бехна, Iуьйранна дуьраниг, делкъана мерзаниг, суьйранна чаьмзаниг буьллуш, кхузза царна хьалха кхача а биллийтина, хIорраза а тоъъал дуучух кхетта нохчий бухабевлча, "хIара ма тамашийна хIума ду, дуьра а, чаьмза а, мерза а цхьатерра ма йиъи аш" аьлла, Шовхала аьлча:
- Тхо хьан шуьнехь чемаш хержа даьхкина дац. Нехан хьаьвди тIехь дин а берстар бац, нехан шуьнехь къонах а верстар вац, " аьлла волу.

Соьца веха,
аренашка дохк доьлча аренаш идош, даккъашка дохк доьлча даккъаш цоьстуш, малхбалера малхбузе кхаччалц ша волавелча, дегI дижжол меттиг тешаме а йоцуш, шен дашах ши дош ца дан дакъазваьлла лелаш ву ша, хIора нохчи вийначух чIир эцаза а Iийр вац ша бохуш, тоьпах ваша а вина, нийсо лоьхуш лелла волу Харачойн Зеламха.

Соьца деха
хьуьнар къуьйсуш бердашца дой сецош, шалха бина гуо цхьалха а берзош, цхьалха берзийна гуо нилха а боккхуш, куьг кхочехь верг туьрца воруш, куьг кхочера ваьлларг мажарца а лоцуш, дойшна хилла чевнаш бухкаршца а къуьйлуш, догIмашна хилла чевнаш доьхкаршца а къуьйлуш, шайн доллу дахар – къийсам болуш баьхна болчу нохчийн дикачу кIенташна наноша бераллехь баьхна аганан иллеш.

Соьца еха
хан йоцчу хенахь вогIучу хьеше а ладоьгIуш латтийна йолу нохчийн хIусамаш.

Соьца беха
тешнабехкаца ца нисбина тешнабехк а, ямартлонца ца нисйина ямартло а.

Соьца еха
Нохчийчоь Деле халбатехь ехначу устазийн къайленаш…

сайн къоман иэс деха соьца…

© Хабаев Исмаил
Рекомендации по теме
Комментарии
Автор

Баттара даьккхина шаьлта санна, дош ира Исмаь1ал. Дала хан яхъе хьан! Хьо вацхьари, кхолла везаш вар хьо Нохчийн къомо, меттара историн иэс ца даит!

РАИСАСАДАЕВА
Автор

Делдоьхь ма к1ант ву хьо! !!! Аллах1 Дала сий дойл хьа

НохчоЭртугрул
Автор

Дала айхьа йоккха хан могаш волш, иштта хьекъал долш йоккхил ахь Исмаил

ДжигитБеной
Автор

Ма к1ант вукх хьо, Исмаил. Дала аьтту бойла хьа массо х1уман т1ехь

КокаМугуева
Автор

Дала 1илмангахь сов воккхийла хьо Исма1ил

zhovkharzhaharov
Автор

АЛЛАХ1 рез хил Исма1ал. Оц некьт1ир гал ма валахь, хьох пайд болун кегирхошн ч1ог1.

mutushmitish
Автор

Вай, ДАЛА ДУКХ, ВАХА ВЕ ХЬО, ТХА ЮЬРТАХЬ ХЬЕХАРХО ВЕЛАР ХЬО!?

asddsa