Хабаев Исмаил | «Ша мила ву хаа деза къонахчунна!»

preview_player
Показать описание
Уггар кIезга а, шен ворхI ден цIе хаар - къонахчун декхар лоруш схьадеана ду вайн ворхIе а дех дуьйна. Iеламстага, шен жайна долош, шен дайн цIераш ягаръеш, ша хьанах схьаваьлла а, мичара ву а билгалдеш ламаст а хилла умматехь даим.

Вай вовшийн довзийтаран дуьхьа Ша вайх къаьмнаш, тайпанаш дина боху Дала. Вайх цхьа мотт, цхьа бос болуш, цхьа къам дан йиш йоллушехь, вай иштта тайп-тайпана кхоллар Делан лаам бу. Iаламашна билгало ю а боху Дала оцу балхехь.

Шен тайп-тукхам а, ша хьанах схьаваьлла а, ша мила ву а хаа деза стагана. Ша ца вевзачунна нах а бевзар бац. Ша шен ца лоручо нах а лорур бац.

Вешан дерг ларахь - наха а лорур ду вай.
Вовшийн дезахь - нахана а дезар ду вай.
Вовшех дашахь - нах а бешар бу вайх.
Вовшех кхета а хьовсуш, вовшийн сий а, юьхь а ларъеш дIадолхахь, сийлалла а хир ю-кх вайгахь.
Дала иштта хилар лойла вайна!

© Хабаев Исмаил
Рекомендации по теме
Комментарии
Автор

Цхьаццберш ма ч1ог1а реза цахуьлу шен тайпа а тукхум а довзан деза аьлчи! Шен тайпа а тукхум а доцуш, юкъа кхетта х1уманаш хир ю-кх уьш!

tur-top...
Автор

ма к1оргер маь1на долуш дешнаш ду уьш. Дела реза хуьйла хьуна

АаПпр-пн