Хаза дешнаш : Абдулаев Леча

preview_player
Показать описание
Iилманна гергахь, IиндагIан
маьIна даккхалур ду.
Амма суна ца тоьа
IиндагIехь IиндагI бен цагар.
Суна, и адман делахь,
адман бӀаьргаш ган лаьа;
цIийнан делахь, —
цу цӀийнан кораш.
Iилманан тоьшаллаш кIезга ду,
IиндагIан цхьа бос бен
хIунда бац бохучух
со кхето.
Тешо-м — хӀетте а.
Суна IиндагӀехь беснаш ган лаьа,
суна ган лаьа
сийна бӀаьргаш долчу йоьIан
сийна бӀаьргаш.

Абдулаев Леча 1999 шо

Рекомендации по теме