'Ноxчийчоь! Хьо йийца кхоьру со..'

preview_player
Показать описание
* * * * * *
Диканиг хьахадан кхоьру со.
Хазаниг хьахадан кхоьру со.
Диканах, хазачух хьаьгна, хьо,
"ГIагI"- аьлла, елхарна кхоьру со.

Да-Нана хьахадан кхоьру со,
Буо виснарг велхарна кхоьру со.
"ЙоI" ала, "воI" ала кхоьру со,
ХIу хаьддарг велхарна кхоьру со.

Гуо талла бIов йоцуш висначохь,
Букъ тоха берд боцуш висначохь,
Куьг делла, белш гIортош, гIаттийна,
Хьо латто гIо доцуш висначохь,

Хьан лекха лам хьахо кхоьру со,
Хьан Орга, Терк хьахо кхоьру со.
Нохчийчоь! Хьо йийца кхоьру со -
Къонахий белхарна кхоьру со..

/Абдулаев Леча /
Рекомендации по теме
Комментарии
Автор

Хаза бина болх бу) Дала т1аьхье беркате йойла, Бирлант!

MalikaGuno