Австрерачу Нохчийн Гулам .Аьрсбин Абу-Бакр Нохчийн маттах. Вена 17.2.19.ш:

preview_player
Показать описание
ВАЙН КАНАЛАННА Г1О ДАР.( ПОДДЕРЖКА КАНАЛА.)
Paypal
***
BANK: Sparkasse
IBAN: AT14 2025 6000 0189 3015
BIC: SPSAT21XXX
Рекомендации по теме
Комментарии
Автор

Ма бакь лоь хьо, Абубакр.Ц1ен дерг дукх ахь дуьйцарг.Дал доьнал лойл вайн нохчи мотт 1алшба.Хьун, Дел рез хилийл, ахь беч балхан.!

ПравдуИстинуишущий
Автор

Аллах1 Дела реза хьуьлда шуна, шадерриге нийса ду ахь алларг, мотт х1аллак хулаш бу вай, Нохчо ву со бохуш ше дай дош хеташ волчуьнга дехар дара са, вай мотт д1ацатасар . Вай яздархоша, поеташа язйина киншканаш йешаро мотт бицар шардира дара.

ramazanabdulmejidov
Автор

Ассаламу аллейкум НОХЧИЙ.
Аллаха сий дойла хьа.

ЭлиБурс
Автор

Декъаз къам ду вай, Нагахь санна мет ца-даг1ахь!, Дала иманш х1оранне чохь ч1аг1 дойлакх вай нохчи!

chechen-tube
Автор

НОХЧИЙН БАРТ !
1
Массо а Аяташна мук1арло далийна.
Массо а Суннатан Беркатца ч1аг1дина.
Массо вайн г1иллакхийн орамаш хьекъийна.
Массо а Яхь йиснарг орцаха ваьккхина.
2
Массо а Къаношкара хьекъал т1егулдина.
Массо а Наношкара марзуоне диерзийна.
Массо а Къонахийн хьесапаш къоьвлина.
Массо а Дайн-Мехкан бахамца хоьттина.
3
Массо а харцуоно 1овжийнарг хьаьстина.
Массо а дарбанна лиехамаш литтина.
Массо а вайн ницкъаш цхьана буьйре нисбина.
Массо а вайн г1ирсаш белхийние берзийна.
4
Массо а цамгарех дегнаш д1ац1андина.
Массо а г1ийланиг са парг1ат ваьккхина.
Массо а вуон мел дерг лаьттаха доьллина.
Массо а До1анаш лаамца ц1андина.
5
Массо а каетта чаг1алкхаш совцийна.
Массо а тобанийн лехамаш бихкина.
Массо а Бартанна оьшуриг шардина.
Массо а Мехкашна масалла гайтина.
6
Массо а мостаг1ийн к1елуонаш йаьстийна.
Массо а 1есанаш билгаладеш дихкина.
Массо а мегаш дерг вовшашна гечдина.
Делан Къинхетамна коьвнаш схьадиллина.
7
Массо а жима-воккха Кхетаме кхайкхина.
Массо а молланаш муъминаш къастийна.
Массо а хьаькамаш Ийман дерш кечбина.
Массо а Маршонан Хазна ерг даржийна.
8
Массо а Толаман урхаш схьакъастийна.
Массо а г1елонаш некъашца гайтина.
Массо а Тхьамданех кхеташо къастийна.
Массо а дуьненан хьелашца лерина.
9
Массо а Делан хьакъ лардарехь айдина.
Массо а Дайн г1иллакх Сийлалле даьккхина.
Массо а хердина гергарло хоьттина.
Массо а вас йинарг къинт1ера ваьккхина.
10
Массо а ша лийр вуй даггара къарвелла.
Массо а шен синна орцанна хьоьвзина.
Массо а ницкь кхочу шайт1ан букъ кагбина.
Массо а ма ву вайх декъала хила лиъна.
11
Массо а Нийсонан баххаш д1ах1иттийна.
Массо а барамаш ц1анонца буьстина.
Массо а арарниг Дайн-Махка верзийна.
Д1ах1оттон безаш бу, вайн Нохчийн Барт !

Аьрсбин Абу-Бакр 15.01.19 шо :

ordinnahar
Автор

Ц1ена бак1 ду, мотт ларба беза,
Мотт бац- к1ам дац, К1ам дац- мотт бац!

raisayunas
Автор

Сахьтнашкахь ла дуг1ар дар хьа къамеле ас к1оьрд ц веш оьзд моьтт бу хьа АЛЛАХ1 СИЙ ДОЙЛ ХЬА

ПРОСТОЙпросто-гч
Автор

Дала Сий дойла хьа. Нийса ду ахь бохарг

noxchoanti-prikol
Автор

Вай кху къамелехь билгала доккхуш ма дуй.Вай мотт пачхьалкхан Урхаллаш ларбина ца хилар эзарш шерашкахь.Мотт доьзалшкахь ларбеш ма бу вайн.Хилча дика-м дера хира дара, х1ара пачхьалкхан т1ег1анашкахь ларбеш, шорбеш толлуш, 1амош белахьара.Цундера иза ца хиларна, вайн декхар100-за сов долуш ду вешан мотт ларбарехь.МОТТ-КЪОМАН СА ДУ !

ordinnahar
Автор

Мохьмад Мамакаев аьль дешнаш ду чог1 чулацам болш, шец къорге йолш, хьекъалц аьль. Ше Нена Мотт Халкъо Сий Ойбуш 1алаш Бахь, Цу Халкъан Парг1ато Цхьаммо а, Хьошур Яц!!!

npbnxbl
Автор

Дик элир, Дала сий дэйла хъанна, Ларме АбуБакар!

surho
Автор

Арсанукаев Шайхи

Ненан Мотт

Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ,
Хьуо винчу ненан мотт дIатесна ахь.
"Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ"!-
Бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь.

ЛадогIа цкъа соьга, "хьекъале корта",
ЛадогIа, яккхи дIа лергара потт:
Йистйоцу хIорд санна, бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.

ГIиллакхе, оьзда бу доттагIче буьйцуш,
МостагIче вистхуьлуш — ду ира герз,
Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,
Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз!

Мерза бу, моз санна, ша безачунна,
Ламанан шовданал цIена бу и.
Лермонтовс, Толстойс а ладегIна цуьнга,
Услара даггара хестийна и.

БIешараш хийла а ихна и бекаш,
Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу.
Кхоьллинчу халкъана хьанала бецаш
Даиман ша хилла нохчийн мотт бу.

Вайн халкъан ойланаш, дахар а гIийла
Далхадеш, къийсамна гIиттина цо.
Нохчочун майралла, оьздалла хийла
Зевнечу иллешкахь екийна цо!

Кхидолчу къаьмнашна шайниш а санна,
Нохчашна шайн ненан мотт хьоме бу.
Нагахь хьо ца вагIахь хьайн халкъацанна,
Хаалахь, декъазниг, - хьо цхьалха ву!

beno
Автор

хорш бу шун вай совет старейшан вай кхар бохарг деш хил дезш ду шун кхаргар масал хьа эцш ца хилахь вай 2 капек мах бац шун

adamsadamsov
Автор

Ва цьа буьцаш боо мотт школашкахь 1ама беш болу мот Нохчи мот бац. Деш наш хаьрцахь дохуш гал долух

Вай-Нах
Автор

Делахь ма нийса лоькха хьо, ваша.
Овха х1ар ца лар бахь, бокъалла долш аьхь ду хьуна х1ар тхуна.

Maxslflxkd
Автор

Абубакар, АЛЛАХЪ рез хюлда х1ун!Ма харц ца льо х1о !Ма ларба чёх1 ду вй вяш ненан мот!Йина а, йяхна а Сёльж г1алах1 йу со, школях1а а, Институтях1а а дешар ъёрси маттахъ хилла са, ам сай Нохчи мотт биц ца баъ хьажна а со.Сайн ца хуушдол дош аъм динаа ас.Ам хъинц, къузахъ дол х1ал, къеч ах1ор ду, хаттаъ а, хьех1аъ а ца хуург стагга а вац, хьех1арх1о бац...

codee
Автор

Цундера бохш ву хьо. Цундела олш хул хьуна Абубакра бехка мабилла.

ИбрагимИбрагимов-бз
Автор

Г1аских модно говорить.Абубакр дурыс айтасын.Подписываюсь под твоими словами.Дал атто бойл.Дел рез хил са Ваща.Казак Г1алг1ай Нохчи бусулба вежерий ежерий я понял твою речь.Шешен халкы аман болындар.Салам от Казаха

АРСАБУ
Автор

Вовшашца бица мотт карор баре те вайна .

питми
Автор

Ассаламу алейкум, Абубакар Facebook сылка йаитиша йолучо

Said-siko