filmov
tv
НОХЧО ВАЦ !
Показать описание
Нохчо вац !
Мила ву сох кхетарг,йа кхета г1ертарг ?
Ц1еначу ойланца соьца дог доькъург !
Оьзда вайн г1иллакхаш хьоьшуш ца лалург.
Дин доцуш лелаш верг,нисва сатуьссург ?
2
Нохчо вац шен дагна,дег1анна там лоьхург.
Нохчо вац Даймехкан бала ца боькъург.
Нохчо вац шен къоман г1аролехь воцург.
Нохчо вац коьмаьрша дог ц1ена воцург !
3
Нохчо вац шен халкъан Нах а ца лорург.
Нохчо вац Нахаца шалхонца вехарг.
Иштта г1о оьшачохь царна букъ тухург.
Нохчо вац са к1езгалл шеца мел ерг !
4
Нохчо вац шен зуда,доьзал д1ахецнарг.
Дала т1едехкина декхарш д1атеснарг.
Нохчо вац ша шена реза а хилла.
Сонтачу уойланца Нахах ца вешарг !
5
Сан дагчохь боккхачех лазам бу дебаш.
Дахаран вайн къилба бухт1ера далар.
И лазам болучийн Кхеташуо йоцаш.
1алашуо вайн дарба лоьхуш ца хилар !
6
Эзарнийн шерашкахь гулйина Хазна.
Нохчаллийн и Оьзда сибат довш лаьтта.
Вала Да воцуш ша 1инах ю йоьдуш.
Самуо йа ,ойла йа, кхетам вай боцуш...
Аьрсбин Абу-Бакр. 30.07.05 шо:
Мила ву сох кхетарг,йа кхета г1ертарг ?
Ц1еначу ойланца соьца дог доькъург !
Оьзда вайн г1иллакхаш хьоьшуш ца лалург.
Дин доцуш лелаш верг,нисва сатуьссург ?
2
Нохчо вац шен дагна,дег1анна там лоьхург.
Нохчо вац Даймехкан бала ца боькъург.
Нохчо вац шен къоман г1аролехь воцург.
Нохчо вац коьмаьрша дог ц1ена воцург !
3
Нохчо вац шен халкъан Нах а ца лорург.
Нохчо вац Нахаца шалхонца вехарг.
Иштта г1о оьшачохь царна букъ тухург.
Нохчо вац са к1езгалл шеца мел ерг !
4
Нохчо вац шен зуда,доьзал д1ахецнарг.
Дала т1едехкина декхарш д1атеснарг.
Нохчо вац ша шена реза а хилла.
Сонтачу уойланца Нахах ца вешарг !
5
Сан дагчохь боккхачех лазам бу дебаш.
Дахаран вайн къилба бухт1ера далар.
И лазам болучийн Кхеташуо йоцаш.
1алашуо вайн дарба лоьхуш ца хилар !
6
Эзарнийн шерашкахь гулйина Хазна.
Нохчаллийн и Оьзда сибат довш лаьтта.
Вала Да воцуш ша 1инах ю йоьдуш.
Самуо йа ,ойла йа, кхетам вай боцуш...
Аьрсбин Абу-Бакр. 30.07.05 шо: