filmov
tv
Аса жайна яздина ...

Показать описание
Ас жайна яздина,
схьагарехь, бовш болчу маттахь.
Цхьайолу шеконаш, цхьадика! –
хье а лой йогIу.
Ас жайна яздина,
схьагарехь, леш болчу маттахь,
и гуттар хирг хиларх
шеквала дага ца догIуш.
Ас жайна яздина.
Цхьа пайда боцуш довр дац и:
Чуьрк къахко дика ду,
вохвеллехь, хир ду мох тоха.
Луъург де цу жайнах.
ца йичахьана цхьа харцо:
Мел оьгIазваханчо
сан жайна, «герз» дай, ма тоха.
Ас дина йозанаш, –
шаьш дарна бовш болчу маттахь! –
КъинтIерадовла там бу суна,
цхьа хьесап дина:
Ас жайна яздарца, –
яздинехь а леш болчу маттахь! –
Сайн ненан маттана, дош дижа,
Маьлхан каш дитна.
(Абдулаев Леча)
__________
Хlокху хьостан тlаьхь зорбане йевр йу Тахгириев Халидан авторски аудиозаписаш (байташ , дийцарш, туьйранаш, иштта романаш а) нохчийн маттахь.
Авторан хетарехь, цуьнан цу агlор уггаре а мехала болх - иза Абузар Айдамировн «Еха буьйсанаш» романан аудиокнига йу. Хlокху муьрехь дайазйеш йолу а, нохчийн маттахь дуьххьаралера аудиокнига а йу иза.
Иштта «Дадин Весет» цlе йолу телеграм-канал чу а йоьхкуш йу и аудиозаписаш.
Ладогlа, тедазло!
------------
🟢На данном канале публикуются авторские аудиозаписи Халида Тахгириева (стихи, рассказы, сказки и даже романы) на чеченском языке.
Одной из самых значимых его работ в этом направлении, по мнению автора, является аудиокнига к историческому роману «Еха Буьйсанаш» Абузара Айдамирова, которая в данное время находится в процессе записи и является первой аудиокнигой на чеченском языке.
Также записи выкладываются на одноименном телеграм-канале «Дадин Весет»
Слушайте и подписывайтесь!
------------
🔴Другие контакты Халида:
Видео Заура Тахгириева

Комментарии