filmov
tv
КЪОНАХИЙН ЧАРХ !

Показать описание
КЪОНАХИЙН ЧАРХ !
1
Нохчийн мотт Дала Ша кечйина,
Къонахий кхиоран чарх ма ю.
Нохчийн мотт Дала Ша нисйина,
Эхь-бехкан Оьздаллийн хьаьтта ю !
2
Нохчийн мотт Далерчу совг1атца,
Адамийн г1иллакхийн бохь а бу.
Нохчийн мотт Далерчу пхьолаца,
Яхь йолу Доьналлийн таж а ду !
3
Нохчийн мотт Далера баьхкинчу,
Элчанийн беркатех Хазна ю.
Нохчийн мотт Далерчу лаамца,
Къонахийн х1у дебош гуота ю !
4
Нохчийн мотт Дала Ша кхоьллина,
Беркатан шеддашца къоьвлина.
Шена чохь вехаш верг нисвина,
Бакъонца ч1аг1вина хоьттина !
5
Нохчийн мотт Дала Ша хьоь белла,
Болатан кхетам бу кхелина,
Г1елбинарг г1атта хьайн декхарца,
Сипхенаш пхьаг1атехь даржийна !
6
Нохчийн мотт Дала хьо кхоьллина,
Нийсонан терзанца масална.
Хьаьшна верг серлоне ваккхарна,
1азапхойн х1айкалаш иэгорна !
7
Нохчийн мотт Дала Шен декхарца,
Хьуна чохь диссийна хьукматаш.
Нохчийн мотт Дала Ша кхолларца,
Парг1ато ларйина декхараш !
8
Нохчийн мотт Дала Ша хьоь делларг,
Дуьненна гайтамна Джовх1ар ду.
Нохчийн мотт Дала Ша хьо лаьррарг,
Маршонца дахчийна саг1а ду !
9
Нохьчийчоь, Адамаллийн г1айре ю.
Дег1аста, г1ийлачун туьйжийла.
Нохьчийчоь,Стогаллийн зовр ду.
Аллах1-Дала хьан самуо йойла !
Аьрсбин Абу-Бакр 02-10-11 шо:
*******
Чулацаман Дошам ю –словарь.
***
Хьаьтта ю - жатва.
Чарх ю–машина,аппарат.
Таж ду– корона.
Хазна ю-сокровища, казна.
Гуота ю – соха,плуг.
Кхелина – укращение.
Пхьаг1ат –растянутые руки, мера.
Х1айкал ду – реликвия.
Дахчор ду-закалка.
Г1айре ю – остров.
Туьйжийла ю – опора.
Зовр ду- герб.
1
Нохчийн мотт Дала Ша кечйина,
Къонахий кхиоран чарх ма ю.
Нохчийн мотт Дала Ша нисйина,
Эхь-бехкан Оьздаллийн хьаьтта ю !
2
Нохчийн мотт Далерчу совг1атца,
Адамийн г1иллакхийн бохь а бу.
Нохчийн мотт Далерчу пхьолаца,
Яхь йолу Доьналлийн таж а ду !
3
Нохчийн мотт Далера баьхкинчу,
Элчанийн беркатех Хазна ю.
Нохчийн мотт Далерчу лаамца,
Къонахийн х1у дебош гуота ю !
4
Нохчийн мотт Дала Ша кхоьллина,
Беркатан шеддашца къоьвлина.
Шена чохь вехаш верг нисвина,
Бакъонца ч1аг1вина хоьттина !
5
Нохчийн мотт Дала Ша хьоь белла,
Болатан кхетам бу кхелина,
Г1елбинарг г1атта хьайн декхарца,
Сипхенаш пхьаг1атехь даржийна !
6
Нохчийн мотт Дала хьо кхоьллина,
Нийсонан терзанца масална.
Хьаьшна верг серлоне ваккхарна,
1азапхойн х1айкалаш иэгорна !
7
Нохчийн мотт Дала Шен декхарца,
Хьуна чохь диссийна хьукматаш.
Нохчийн мотт Дала Ша кхолларца,
Парг1ато ларйина декхараш !
8
Нохчийн мотт Дала Ша хьоь делларг,
Дуьненна гайтамна Джовх1ар ду.
Нохчийн мотт Дала Ша хьо лаьррарг,
Маршонца дахчийна саг1а ду !
9
Нохьчийчоь, Адамаллийн г1айре ю.
Дег1аста, г1ийлачун туьйжийла.
Нохьчийчоь,Стогаллийн зовр ду.
Аллах1-Дала хьан самуо йойла !
Аьрсбин Абу-Бакр 02-10-11 шо:
*******
Чулацаман Дошам ю –словарь.
***
Хьаьтта ю - жатва.
Чарх ю–машина,аппарат.
Таж ду– корона.
Хазна ю-сокровища, казна.
Гуота ю – соха,плуг.
Кхелина – укращение.
Пхьаг1ат –растянутые руки, мера.
Х1айкал ду – реликвия.
Дахчор ду-закалка.
Г1айре ю – остров.
Туьйжийла ю – опора.
Зовр ду- герб.
Комментарии