filmov
tv
Жима гIуллакх - синтар ду..
Показать описание
Ша́ деш долу цхьа гIуллакх жима ду, пайде дац олий хета вайна юкъара цхьаболчарна. Ткъа и гIуллакх синтар хила тарлуш ма ду, Пайхамара (ﷺ) дIаде́ аьлла долу: «Нагахь санна шух цхьанне керахь синтар а долуш Къемат де тIехIоттахь, шега иза дIаде́луш хилахь дIадоьйла цо иза». (Ахьмада, «Ал-адабул-муфрад» тIехь Бухарийс а дийцина иза).
Дерриге некъаш къевлина ду аьлла вайна хетачу хенахь а дика гIуллакх дIадолор, пайде хIума дар вайна хьоьху хьадис ду иза!
Вайх хIораммо шен ницкъ кхочуш долчуьнгахь шега далурриг мукъане дича, цхьа хIума мукъа а пайде хIума деш хилча, дуьне дикаллехь, исбаьхьа хийцамашкахь гур дара вайна.
Стаг ша́ нисварна, ша́ туоваларна, шен доттагIий туобаларна тIера дIаволавелча, муха хир дара аьлла хета шуна умматан кегийрахойн хьал?! Ткъа и дан цуьнан ницкъ ца кхаьчча, хийцаме са а муха туьйсур ду цо?!
Собар лараме ду вайга далуш долу хIума дан вай гIортарехь а, листа вайн ницкъ ца кхочучу хIуманашкахь а, АллахI Дала вайна цхьа некъ беллалц.
Шейх Салман ал-Iавда