Бера усыновить дарах лаьцна АСВАД ХАРЕХАНОВ #марнана #бераш #зуда #зударий #доьзал

preview_player
Показать описание
ЦIийца а, цIийнаца а шайн доцу бер, шайн долуш санна тIе а лаьцна, цунах баккъалла а шайх схьаваьлла доьзалхо санна доьзалхо вар (оьрсийн маттара «усыновление») хьарам дина ду бусалба дино. Лекха хинволчу АллахIа аьлла Къуръан тIехь: [Аш шайн доьзалхой бу бохуш кхийкхош берш шун кIентий бина бац (АллахIа)! Иза аш шайн меттанашца аьлла дош ду. АллахIа бакъдерг боху, Цо нисво (нийсачу) некъа тIе].
Оцу айатехь вуьйцуш верг Хьарисан кIант Зайд ву (Дела реза хуьлда цунна). Иза доссаран бахьана хIун ду аьлча - вайн Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна), Дала шега элчаналла далале хьалха тIелаьцна кхиош хилла Хьарисан кIант Зайд. Цуьнан да Хьарис хиллашехь, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) иза тIелаьцна кхобуш хилла хиларна, Мухьаммадан кIант Зайд олуш хилла цунах. ХIетахьлерачу Iаьрбошна юкъахь девзаш хилла иштта бер тIелацар, и бер тIаккха шайн ду, шаьш цуьнан дай-наной ду а олуш, цуьнан бакъволчу ден цIе а ца йоккхуш. ТIаккха АллахIа и айат доссийна оцу Зайдан хьокъехь, оцу кепара бер тIелацар доьхкуш. ХIетахь дуьйна Зайдах Мухьаммадан кIант олучу меттана Хьарисан кIант аьлла, шен бакъ волчу ден цIе яккха йолийна цунах.
🛑Иштта, Бусалба дино дихкина ду шен доцу бер баккъалла а шен ду аьлла тIелацар, иза шен цIийх а, цIийнах а долуш санна.
Ткъа цхьанна буобер кхио а, кхаба а лаахь – иза вуно мелехь хIума ду, ялсамани вуьгу бахьана а ду, бусалба дино дика лоруш хIума а ду. Делахь а, иза баккъалла шайн цIийх долу бер санна ду ала мегар дац, иза тIелаьцначерах цхьаъ велча цо цуьнгара ирс оьцур долчу кепара хилийта мегар дац. Нагахь санна евзаш елахь, цуьнан бакъволчу ден цIе лело еза цунна, хьенеха бер хьенех аьлла. Нагахь санна евзаш яцахь – иза тIелаьцна волчуьнан динан ваша/йиша ву/ю аьлла довзийта деза иза
ꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹꔹ
#асвад #асвадхареханов #хьехам
Рекомендации по теме
Комментарии
Автор

ЦIийца а, цIийнаца а шайн доцу бер, шайн долуш санна тIе а лаьцна, цунах баккъалла а шайх схьаваьлла доьзалхо санна доьзалхо вар (оьрсийн маттара «усыновление») хьарам дина ду бусалба дино. Лекха хинволчу АллахIа аьлла Къуръан тIехь: [Аш шайн доьзалхой бу бохуш кхийкхош берш шун кIентий бина бац (АллахIа)! Иза аш шайн меттанашца аьлла дош ду. АллахIа бакъдерг боху, Цо нисво (нийсачу) некъа тIе].
Оцу айатехь вуьйцуш верг Хьарисан кIант Зайд ву (Дела реза хуьлда цунна). Иза доссаран бахьана хIун ду аьлча - вайн Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна), Дала шега элчаналла далале хьалха тIелаьцна кхиош хилла Хьарисан кIант Зайд. Цуьнан да Хьарис хиллашехь, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) иза тIелаьцна кхобуш хилла хиларна, Мухьаммадан кIант Зайд олуш хилла цунах. ХIетахьлерачу Iаьрбошна юкъахь девзаш хилла иштта бер тIелацар, и бер тIаккха шайн ду, шаьш цуьнан дай-наной ду а олуш, цуьнан бакъволчу ден цIе а ца йоккхуш. ТIаккха АллахIа и айат доссийна оцу Зайдан хьокъехь, оцу кепара бер тIелацар доьхкуш. ХIетахь дуьйна Зайдах Мухьаммадан кIант олучу меттана Хьарисан кIант аьлла, шен бакъ волчу ден цIе яккха йолийна цунах.
🛑Иштта, Бусалба дино дихкина ду шен доцу бер баккъалла а шен ду аьлла тIелацар, иза шен цIийх а, цIийнах а долуш санна.
Ткъа цхьанна буобер кхио а, кхаба а лаахь – иза вуно мелехь хIума ду, ялсамани вуьгу бахьана а ду, бусалба дино дика лоруш хIума а ду. Делахь а, иза баккъалла шайн цIийх долу бер санна ду ала мегар дац, иза тIелаьцначерах цхьаъ велча цо цуьнгара ирс оьцур долчу кепара хилийта мегар дац. Нагахь санна евзаш елахь, цуьнан бакъволчу ден цIе лело еза цунна, хьенеха бер хьенех аьлла. Нагахь санна евзаш яцахь – иза тIелаьцна волчуьнан динан ваша/йиша ву/ю аьлла довзийта деза иза… #доьзал #марнана #зуда #бераш #хьукм #зударий #шедоцубер #усыновление #асвад #хареханов #хьехам

alimanshishani
Автор

Я Аллах1 хьай дашехь ма бакъ луьш ву хьо Асвад, ма ч1ог1 нисса дерг олу ах

Ru-mnzp
Автор

Асам лур дац цхьанне сай бер д1а, кхи х1умма ца хилчи 9 баттахь кхирахь ца лел до и.

pp.zakaeva
Автор

Ма чьог нис бяш хьхехам бу из, хьалхи бах и дица дезш дар, может быть дукка наной шей берах кьястан хир дацар

aminatmakaeav
Автор

Аллах1 рез хуьлийлкх хьун.
Хаза хетш духкх хьоьг ла.

aminalisheva
Автор

Ма бакъ ду и 👍и Аллах1 Дела къар ва г1ерташ сан вай наха лелам до и х1умнаш

sayrexx
Автор

Нисс дукх и. Сунам вал лур вац сай к1ант цхьанне д1а. Йа нехниг айс кхобар вацар.

ТаисаЦилиева
Автор

Кхиъна ваьлча 8 шо долш д1авелитар са дас са ваша са девешина😢20 шо хьалха, асвада ма аллара цуна цунах к1ант хир вац йа цуна и ше ша винарг сана хеташ вац, са нана юкх цуна нислахь хилам и йаар са нана неслахь хила езарг😢😊

DER_EINE_CHEHCHENER
Автор

Нохчий дукхох берш шай дурной законшц 1аш бу, Аллах1ах кхоьрш нах бац

Ютуб-фь
Автор

Нохчийна ца мега де веши зада йало. Ма тардие вай къам 1арбойх д1а. И масалла кхеча аг1онна дало йиш долуш ду.
Со дешан стаг нисвеш вац, ам бакъ ду сан къома йоцу харцо йийца ца йеза

МагаМ-рт
Автор

Да велч лел маво де вошс цун здчо, ахь дуьцарг к1оргар къамел цахет сун.

Жизньодна-жр
Автор

Нохчи 1овдлал юкх, вешин велла бохш масситуз хезза сунаа

---zwbs
Автор

Лаа луъш луш ваци им, вал везан дер луш ву, Вешин .

СссХхх-ъф
Автор

И х1у къамел ду? Деваша велча, веши к1антана цуьнах йиссанарг йало мегаш ду бохуш. Дер дац-кха нохчашна юкъахь хилла а, йа хилча мегар долуш а х1ума иза. Ден метта, цул а бехке а хьоме а хилла- кх вай деваша. Ткъа девеший зуда ненал бехке хилла. Шен вешин бер ца хилча, вашас цунна луш хилла шен бер. Ткъа х1у ду кхузахь галдаьлларг? Дукха ч1ог1а хаза г1иллакх ду иза. Ваша а, веши к1ант неха ву? Уьш нохчий къонахий хилла уьш 1арбой ца хилла! Вай заманахь дийца мегар дуй хууш дуьцуш ду ахь и къамел. Шу-м ц1ена галдевлла.

ТамараШавлаева-ен
Автор

Вай нохчшан юкъахь и лелш доци цуна ма хаи девеши зуда ялор, но по шари1ату кхачош хилча вай хицо йиш йолш х1умш дацкх уьш вай понятишци к сожалению . Обязательно и яла е бохарг дац цун иза, нахан хауьтш ву, кхетош ву адам

ЖамиЖамилова
Автор

Нанна шен бер лелолаахь леладайта боху цо, хьаа ца доккхуш.шен ц1ерачара ц1а ца даладойту бер.Цхьа болчу зударша бер дега д1ацалуш маре йоьду бер нене йа йишийга а дуьти`..хьолаш чоьлхе а бес- бесар а хуьлу.Советан 1едал долучу хенахь г1азкхих тпрлуш дара вай, ткъа х1инца, 1арбойх.Т1г1а вай мичахь ду, вай Нохчий !?

ЗайбулаСулайманова
Автор

Зашибииись! Дала кхине ма лорийла: а гергарло нёт да, раз "йига мегардолуш?!" Девеши зуда нена мет лоруш йара тха чохь!

Зара-ту
Автор

Ва Дел йига мегар ду бохарг Х1у бохарг ду??? 😨😢Тхунам тхай Нан сан хет а тхай Де ваш зуд

Зизек
Автор

вай алиш цюн телефон ма оьшар Сун цоьгар гьо😢

leylaabdrashitova
Автор

ДЕСТИ ЧО ЛЕЛИЧ ОЦ БЕРШ ШАЙ ДА Д1АВАЬЛЧ И АРАКХОС ЙЕЗИ КЕГИ БОЛШ ДУЬЙН ЦО КХИИН ХИЛЧ КАКОЕ ПРАВО ИМЕЕТ ДЕСТИ?

МаликаУмарова-ых