filmov
tv
Ташаева Марьям_'Тхан хьоме гуьйре...'_Исраилова Л._Келоев И.

Показать описание
✅Подписывайтесь, ставьте лайки, делитесь нашими видео. Таким образом вы помогаете не только в продвижении каналов, но и в популяризации чеченской культуры.
✅Наш основной канал
✅Финансовая помощь проекту NAZMA. Деньги будут целенаправленно использованы для развития чеченской культуры.
✅Наш второй канал
✅Мы в соцсетях:
фейсбук
инстаграм
одноклассники
📌📌📌
Тхан хьоме гуьйре
Аьхкенан неIсагIехь нийсонца рагI ларъеш лаьттина,
ХIораннан дог хьаста, массаьрга дагара хаьттина,
ЦIен-можа басаршца сурт дилла схьагIерташ каде,
Хьайн дезарш кхочушдеш йоллу хьо, тхан хьоме гуьйре.
Аренаш, басеш хьайн ховхачу куьйгашца хьаьстина,
ХIоранца богIу бос, ца кIадлуш, лерина къастийна,
Мел доггах йоллу-кх хьо, дашочу куьйгашца, говзанча,
Хьо шена гуш вериг ткъа муха хир вац-кха илланча?!..
Вайх къаста езначу гIаргIулийн некъ маьрша битина,
Стиглара малх а бу хьежар шен паргIата дитина,
«ГIагI» аьлла, делха ду кийча хьо ларйина догIа,
Хьайга сатесначу сан дагна синтем ахь лохьа.
Кегийрхойн безаман теш долчу шовдане хаьттича,
Хьо яре ларйинчу церан къа тарло хьох хьарчарна.
Шаьш халла биначу сацамна кхоьручу мехкаршна,
Хилалахь беркате, уьш хьайна хIиттабеш бехкала!..
Леррина куьг хьокхуш, говза ахь кечдина Iалам,
ГIорийна дуьсур ду, Iаьно схьакховдийча салам,
ХIетте а, сатесна хир ду тхо хьо юха яре,
Елалой, кхачалахь: «Сагатдеш ярий со-м!»- алий.

Хьайга сатесначу сан дагна синтем ахь лохьа...
дешнаш - Исраилова Луиза
мукъам - Келоев Iийса

Комментарии