filmov
tv
Асвад Хареханов. Ламаз, мавлид, зикар, 1еламнахана инкарло яр. 1еламстаге хоьттуш.
![preview_player](https://i.ytimg.com/vi/g8X5v8c_BBg/maxresdefault.jpg)
Показать описание
#асвадхареханов #хьехам #хьаналболх #ламаз #мавлид #мовлад #зикар #суннат #нохчий #рузба #сутрат
Доттаг1ий! Вайн махкара массарна а воьвзаш, везаш волу 1еламстаг, шари1ат 1илманийн доктор Хареханов Асвада хеттаршна жоьпаш луш цхьаьнакхитира со дукха хан йоцуш. Ас шун тидаме юьллу х1ара видео. Ладог1а, пайда эца!
Хеттарш лахахь:
Хьанал ризкъ даккхараххий, ялсамане лахаррий, и ризкъана «бахьана леллораххий алахьара ахь Асвад-Хьаьжа.
«Ламаз, шена т1едоьжначу бусалба стагана а, зудчунна а, муьлхачу барамехь хаа дезаш ду?»
Ламаз дехкар – акбаран дозаллах лаций алахь Асвад Хьаьжа.
Ламаз дечо шена хьалха х1оттош, вай маьждигашкахь хуьлуш ю иза, «Сутрат» олу цунах. Иза Элчанан (1алайх1ис солату вассалам) суннат ду. Асвад Хьаьжа цу суннатах, цуьнан дозаллех лаьцна хьахаде–хьа вайна.
Ламазна т1аьхьа доьшуш долчу Аятул курсих, тасбихьах, азкарех ишта до1а дарах лаьцна, церан дозаллех лаьцна дийца-хьа Асвад Хьаьжа.
Гуттара а ламазан салам делча оцу меттера хьалаг1аьттина д1аэхар зенехь хир дуй?
Рузбана дийнахь ши рака1ат рузбан ламаз динчул т1аьхьа делкъа ламаз дан мегар дац, ялх парз хуьлу бохург нийса дуй? Совнах фарз ламаз дан мегаш дуй?
Ч1агарехь дечу зикарна а, т1арикъат ах1лунна а инкарло яр, 1оттар яр муха ду?
Делан Элча (1алайх1ис солату вассалам) дуьненчу валар хьехош, цуьнан сийлахь куьцаш, хаза г1иллакхаш дуьйцуш, цунна салават дуьллуш бусалба нах вовшахкхетар, вайна хуучу маь1ница аьлча, «Мовлид» ешар, цхьана 1еламнаха деза а ду, мегаш ду аьлла хьахийна. Ткъа царна инкарло еш берш а хуьлу. Цунах лаьцна ала-хьара ахь Асвад Хьаьжа.
Ша дешна а воцуш, 1аьрбийн мотт хууш а воцуш, шегахь 1илма доццушехь 1еламнеха къамелана инкарло яр муха ду?
Молла хила хала дуй?
Моллийн рог1ера де а, вуьштачу стеган де а муха хуьлу те хаа лууш нах хир бу. Хьала охьа, 1илма 1амош болу мут1а1еламаш доьхьал хир бац шайна хиндолчуьнга хьовса.
Ткъа докторски диссертаци язъйина ахь, цул совнаха цунна защита йина ахь. Хала х1ума дуй иза?
Хьуна нислой те, хила а хуьлий те, цхьаьнге хатта дезаш, я дагавала дезаш х1ума? Хьанна а хета тарло, дерриг хьуна хууш ду аьлла. Ткъа хаьий хьуна массо хаттарна жоп?
Ас 1илма 1амийна дацахь а, сан телефонаца интернет ю. Цу чохь ду дерриге 1илма. Цу чуьра сайна оьшург 1амор ду аса.
Со дешна ву, суна шари1ат девза. Со цхьанге а хетта хьашт долш вац.
Суна хууш х1умма а доций хаьа суна. 1илма долш, девзаш цхьа нах буй а хаьа суна. Цаьргара 1илма 1амор ду ас, цаьрга ла а дуг1ур да ас.

Комментарии