filmov
tv
ШАХАБОВ СС йоца байташ...

Показать описание
...Тхо-м дац кху дуьнено хьийзадеш доххал.
Тоделча ирх лелхац, делхац цатарна.
Хьалхарниг дахарна хьажийна оха,
ШолгIаниг - дIадахьа эхарта кхана.
***
Цецвийла, кхарда а хIума-м дац, амма
Тамашийна-м хуьлу цхьаволчун амал:
Хьол толахь тIехь Iийр ву эла а хилла,
Хьо толахь гехь Iиэн а тоьур ду хIилла.
***
Халонехь хьовсу вай лаьттачу хьоле,
Эццахь бо тидам а, хастам а гIоле.
Некъ шера болчохь-ма хоьцций дIавоьду,
Цундела гIоргIа некъ шерачул тоьлу.
***
Семачу ойланийн говзалла елла,
Хьуо дашна кечвинчу ницкъболчу Дала
Хьайн йоза кхетамца тIеэцар делла
Кечдина кхин адам хир дац ма ала.
***
...Цхьаъ довзахь, йоцучохь керла неI йоьллу,
Ткъа девзаш хилла бIе дазло хьо зиэ.
Керлачу хIумано бIаьргаш ца боьллу,
Ширачех хервала дог къовлуш биэ.
***
Цхьамма цхьа дикачух цIе цхьанна тиллахь,
Йа кхечо кхин моьттина вочех и вахь,
Хьо-м - кийча хезначух тардина гIаларт
-Каш даккха йа йотта дахарна гIала.
-Къонахчун тIегIане ваьккхина айван
Йа кIиллойн могIаре виллина вайван.
Ма-дарра гуш долчух кхетазчу хьуна
Хезначо тешам лахь, къахета суна.
...Генарчу серлоне муха хьо уьду,
ХIун йу а ца хууш седа йа къуьда?
***
ХIун биен ду? Йан ма йац цхьа а башхалла:
Айвина лелорах йа текхарх халла.
Цхьатерра хьийзор йу-кх дуьнено ане
Тахана вайн доцуш - вай доцуш кхана.
***
...Мах а лой эца со, эцалахь хьайга.
Дешийца тилавай, дайде сан дош.
Нагахь сан керайукъ цIийелла къагахь,
Йуьсийла кехате къолам ца хьош.
***
...Хаставай эца со, эцалахь хьайга.
ЦIерашца айавай, йохайе чот.
Нагахь со кураллин седанах къагахь,
Байташна бехка сан йозанан мотт.
***
...Шун кечдай эца со, эцалахь хьайга.
Чемашца Iехавай, сацайе бат.
Нагахь со вохкалахь доьшанан Iайгах,
Йемалдиэ йорт тоьхна дахаран хатI.
ШАХАБОВ СС
Тоделча ирх лелхац, делхац цатарна.
Хьалхарниг дахарна хьажийна оха,
ШолгIаниг - дIадахьа эхарта кхана.
***
Цецвийла, кхарда а хIума-м дац, амма
Тамашийна-м хуьлу цхьаволчун амал:
Хьол толахь тIехь Iийр ву эла а хилла,
Хьо толахь гехь Iиэн а тоьур ду хIилла.
***
Халонехь хьовсу вай лаьттачу хьоле,
Эццахь бо тидам а, хастам а гIоле.
Некъ шера болчохь-ма хоьцций дIавоьду,
Цундела гIоргIа некъ шерачул тоьлу.
***
Семачу ойланийн говзалла елла,
Хьуо дашна кечвинчу ницкъболчу Дала
Хьайн йоза кхетамца тIеэцар делла
Кечдина кхин адам хир дац ма ала.
***
...Цхьаъ довзахь, йоцучохь керла неI йоьллу,
Ткъа девзаш хилла бIе дазло хьо зиэ.
Керлачу хIумано бIаьргаш ца боьллу,
Ширачех хервала дог къовлуш биэ.
***
Цхьамма цхьа дикачух цIе цхьанна тиллахь,
Йа кхечо кхин моьттина вочех и вахь,
Хьо-м - кийча хезначух тардина гIаларт
-Каш даккха йа йотта дахарна гIала.
-Къонахчун тIегIане ваьккхина айван
Йа кIиллойн могIаре виллина вайван.
Ма-дарра гуш долчух кхетазчу хьуна
Хезначо тешам лахь, къахета суна.
...Генарчу серлоне муха хьо уьду,
ХIун йу а ца хууш седа йа къуьда?
***
ХIун биен ду? Йан ма йац цхьа а башхалла:
Айвина лелорах йа текхарх халла.
Цхьатерра хьийзор йу-кх дуьнено ане
Тахана вайн доцуш - вай доцуш кхана.
***
...Мах а лой эца со, эцалахь хьайга.
Дешийца тилавай, дайде сан дош.
Нагахь сан керайукъ цIийелла къагахь,
Йуьсийла кехате къолам ца хьош.
***
...Хаставай эца со, эцалахь хьайга.
ЦIерашца айавай, йохайе чот.
Нагахь со кураллин седанах къагахь,
Байташна бехка сан йозанан мотт.
***
...Шун кечдай эца со, эцалахь хьайга.
Чемашца Iехавай, сацайе бат.
Нагахь со вохкалахь доьшанан Iайгах,
Йемалдиэ йорт тоьхна дахаран хатI.
ШАХАБОВ СС
Комментарии