NAZMA studio_'Яздехьа...'_И.Юсупов_И.Келоев

preview_player
Показать описание
ЯЗДЕХЬА...

БIаьстенан сурт дуьллуш кехатан есачу майданахь,
Гайтахьа сан дагна сийна бай тIеболу хан.
Со ирсе хир ву-кха, сацам бахь сатийсар дайдан ахь,
Цхьа ши-кхо могIа а язбина, сатедахь сан.

Яздехьа IиндагIех - ловзучех къегинчу малхаца -
Дитта тIехь кхозучу, шех хилла човканан бен.
Яздехьа баттах а, Iаш болчу даточу аьлханца
Седарчий ир а деш, дIатоьттуш боданан пен…

Сан иллин мукъамехь тосалахь безаман цIе хьайна,
Яздехьа, алий а, хьуо цуьнах цецъяьлла Iа…
Яздехьа, кIайн догIа Iуьйкъанна тIедарах цIеххьана,
Iуьйре тIе ма-кхаьччи, и терах лаций а дIа.

БIаьстенан некъаш тIе ехкинчу керлачу ченашлахь
Сан лараш кхин ца гарх лаций а яздехьа соь.
Дийцахьа, мутт кхуьуш аренан ялтанийн кенашлахь,
Къежбелла сингаттам Iаламах дIа муха оь…

Дуьххьара къевкъинчу стигалан стешхачу йовхаран
Шеконах лаций а ца яздеш ма Iехьа кхин…
Элпаш а ца кхоош – буьртигаш Iаьржачу жовхIаран -
Соь кехат яздехьа, схьакхочур дацахь и…

дешнаш - Юсупов Iилманан
мукъам баьккхинарг а, илли дIаолург а - Келоев Iийса
видео - Эдельмежидова Маликин
Рекомендации по теме
Комментарии
Автор

Исбаьхьа хьоттийна 1аламан сурт!
К1орга чулацаме байт!
Цхьа ша кепара бека мукъам.
Кху иллега ладуг1уш, хьан б1аьрсина хьалха х1утта массо а кепара 1аламан хазалла, лерсина хеза исбаьхьа мукъам.
Дала сий дойла массо а декъашхочун.

zargan

nazma-studio