filmov
tv
АллахIан къинхетамах цкъа а дог ма дилла

Показать описание
Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Лекхачу АллахIа аьлла: «ХIай А́даман кIант! Бакъдолуш, хьо Соьга доьхуш (доIа деш) а, Соьга догдохуш-сатуьйсуш а мел ву, хьоьгара дийлинчунна гечдийр ду Ас хьуна, иза (доккха хIума дара аьлла) кхин тидаме а ца лоцуш. ХIай А́даман кIант! Хьан къинош стигланан локхалле хьалакхаьчначул тIаьхьа а ахь Соьга гечдар дехча, гечдийр ду хьуна Ас. ХIай А́даман кIант! Бакъдолуш, дуьне дуьззина болчу барамехь къинош а дохьуш хьо Суна доьхьал вагIахь, тIаккха цхьаъа хIуманца Соьца накъост лаьцна а воцуш хьо Суна доьхьал хIоттахь – оцу дуьненан барамехь Сайгара гечдар хуьлуьйтур ду хьуна Ас». ат-Тирмизий 3540.
#ИсламанСерло #Хьехам #Чечня
#ИсламанСерло #Хьехам #Чечня