Хабаев Исмаил - (поэзия, стих) chechen poetry

preview_player
Показать описание
АЬЧКАН НЕКЪАХЬ

Хlара санна долу
эзар дуьне схьаделча а,
дlалур доцуш
хьан хьайн дуьне а делахь,

шайн ца лозу кортош дихкина
саьхьара гlемаш хьаьхна а хьо велахь,

хьо мила ву,
мичара вогlу,
мича воьду хууш,
хьо вевзаш,
хьоьца бала болуш стаг воцуш,
хьуо цкъа а ца хиллачу цхьана гlалара кхечу гlала а вуьйлуш,

аьчкан некъаш дихкинчу говзанчашна ала дог дуьззина баркал долуш,
цlерпошта тlехь дlавоьдуш а хьо велахь,

корах арахьаьжча,
хьуна гуш дерг lа а делахь,

хьан некъ тайна-кх хьуна,
хlинца сан санна.

© Хабаев Исмаил
Рекомендации по теме
welcome to shbcf.ru