filmov
tv
МА ЭШАР Ю И! Ламанан некъ(2) Йишлакхархо: Никаева Румиса

Показать описание
Ма хир дара ,адам, вовшех
тешна,
Къинт1ера а даьлла, даха хиъча.
Цхьа а воцуш ,кхечунал а ,эшна
Цхьана шуьнехь ,кхача баа лиъча.
Ма хир дара,кевнаш
д1ацакъовлуш
Хьалха санна ,мерза дехаш
хилча.
Вовшашна,цхьабосса,орцах
довлуш,
Белхех доьлхуш,вовши г1о деш
хилча.
Ма хир дара,вовши марзо
лоьхуш,
Шовдана йистехь,безам лаха
лиъча.
Некъа вог1ург,сада1а чувоьхуш,
Гергарлонаш карладаха хиъча.
Ма хир дара,къе-миска ца
бохуш,
Цхьатерра вай,вовшийн лерам
бича.
Ас со бохург ,хьалхахьа ца дохуш
Пхьоьханахь,къамелаш,оьзда,
дича.
Ма хир дара,бераш дика 1амош,
Х1ора кертахь,г1иллакх
дуьйцуш,хезча.
Ма хир дара,йоцуш хьаг1,
я гамо,
Даха лууш,вовшех,вайн,дог
лезча....
К.Шарипов.
тешна,
Къинт1ера а даьлла, даха хиъча.
Цхьа а воцуш ,кхечунал а ,эшна
Цхьана шуьнехь ,кхача баа лиъча.
Ма хир дара,кевнаш
д1ацакъовлуш
Хьалха санна ,мерза дехаш
хилча.
Вовшашна,цхьабосса,орцах
довлуш,
Белхех доьлхуш,вовши г1о деш
хилча.
Ма хир дара,вовши марзо
лоьхуш,
Шовдана йистехь,безам лаха
лиъча.
Некъа вог1ург,сада1а чувоьхуш,
Гергарлонаш карладаха хиъча.
Ма хир дара,къе-миска ца
бохуш,
Цхьатерра вай,вовшийн лерам
бича.
Ас со бохург ,хьалхахьа ца дохуш
Пхьоьханахь,къамелаш,оьзда,
дича.
Ма хир дара,бераш дика 1амош,
Х1ора кертахь,г1иллакх
дуьйцуш,хезча.
Ма хир дара,йоцуш хьаг1,
я гамо,
Даха лууш,вовшех,вайн,дог
лезча....
К.Шарипов.
Комментарии