Нохчий мотт

preview_player
Показать описание
Тахана вай билгалдоккхуш ду къоман уггаре а коьртачух долу даздар - Нохчийн меттан де!
Ненан мотт - къоман, цуьнан культурин, историн бух бу. Вайн мотт 1алашбарна боккха тидам т1ебохуьйтура Нохчийн Республикин хьалхарчу президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Махкахь чолхе зама йолчу хенахь цо уггаре а хьалха ардаьккхинчех дара нохчийн мотт пачхьалкхан мотт хилар кхайкхош долу указ, вайн махкахь нохчийн маттахь журналаш, газеташ арадийлита, теле-, радиопередачаш хилийта дукха къахьийгира цо. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъ д1ахьош республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана а мотт кхиийта мел оьшу хьал а кхоьллина Нохчийчохь, цуьнан т1едожорца х1оттийна нохчийн мотт а, йоза а кхиорна программа ю. Шен мотт ца хууш долу къам кхане йоцуш ду. Вайх х1ораннан а декхар ду нохчийн мотт ларбан, кхион, т1екхуьучу чкъурана иза 1алашбан. Аса даггара декъал до шу мехала долчу дезчу денца! Вайн мотт 1алашбан а, кхион а аьтто хуьлда шун! Дала машаре дахар лойла шуна а, шун гергарчарна а!
Рекомендации по теме