filmov
tv
NAZMA studio_'lиндагlаш..'_А.Бисултанов_И.Келоев

Показать описание
IиндагIаш...
IиндагIаш - царна а ма деза вовшийн,
бесачу, даима шийлачу царна,
амма шаьш кхоьллина цхьа малх дIабовш бен,
марзонан хама бан-м ца хаьа царна...
Цкъа цхьана дитта тIехь дезначу вовшийн,
вовшийн мутт мийлинчу цу шина генах
дисинчу IиндагIийн мох меттахъхьовш бен
вовшех ца хьакхало догIмаш я генаш...
Йа АллахI, ма марзо хила а еза-кх
цкъа вовшийн дохдина доцучу церан!
Ма дагахьбалламаш хила а беза-кх
доьдучу хи тIе чуэгначу церан!
Эсалчу, экамчу марзонан шовкъехь
дегадар, эгадар бу церан мотт а,
шайний бен къайле ца евзачу зовкхехь
ца эшар кхин цхьа а меттар я моттар...
IиндагIаш - царна а ца лаьа хIинца
бузучу цу малхе хIумма а хетта -
эгадеш марзонан хIора а цинцах
вай а вайн IиндагIаш хиларх со кхетта...
Цу дакъаделлачу диттана тIера
ларамза генийн иэс цкъа меттахдалахь,
меттаххьов, IиндагIийн санна, сан кхерам -
там бара со царел хьалха дIавала...
дешнаш - Бисултанов Апти
мукъам баьккхинарг а, илли дlаолург а - Келоев lийса
IиндагIаш - царна а ма деза вовшийн,
бесачу, даима шийлачу царна,
амма шаьш кхоьллина цхьа малх дIабовш бен,
марзонан хама бан-м ца хаьа царна...
Цкъа цхьана дитта тIехь дезначу вовшийн,
вовшийн мутт мийлинчу цу шина генах
дисинчу IиндагIийн мох меттахъхьовш бен
вовшех ца хьакхало догIмаш я генаш...
Йа АллахI, ма марзо хила а еза-кх
цкъа вовшийн дохдина доцучу церан!
Ма дагахьбалламаш хила а беза-кх
доьдучу хи тIе чуэгначу церан!
Эсалчу, экамчу марзонан шовкъехь
дегадар, эгадар бу церан мотт а,
шайний бен къайле ца евзачу зовкхехь
ца эшар кхин цхьа а меттар я моттар...
IиндагIаш - царна а ца лаьа хIинца
бузучу цу малхе хIумма а хетта -
эгадеш марзонан хIора а цинцах
вай а вайн IиндагIаш хиларх со кхетта...
Цу дакъаделлачу диттана тIера
ларамза генийн иэс цкъа меттахдалахь,
меттаххьов, IиндагIийн санна, сан кхерам -
там бара со царел хьалха дIавала...
дешнаш - Бисултанов Апти
мукъам баьккхинарг а, илли дlаолург а - Келоев lийса
Комментарии