filmov
tv
NAZMA studio_'Iодика ма елахь...'_М.Эльдиев_И.Келоев

Показать описание
✅Подписывайтесь, ставьте лайки, делитесь нашими видео. Таким образом вы помогаете не только в продвижении каналов, но и в популяризации чеченской культуры.
✅Наш основной канал
✅Финансовая помощь проекту NAZMA. Деньги будут целенаправленно использованы для развития чеченской культуры.
✅Наш второй канал
✅Мы в соцсетях:
фейсбук
инстаграм
одноклассники
📌📌📌
Iодика ма елахь...
Iодика ма елахь... Меллаша ялий дIагIолахь,
Малхана делалой дIадоьду сирла тхи санна...
Синлазам белхабеш хилийта буьйсанан болар,
Лазаме я мерза хилийта сан кура цхьалла
Хьо йоцуш и хилахь, Iодика ца еш дIагIолахь.
Сатийсам ма лолахь, Къабилан къа санна базбеш,
Яц хьуна ойланийн хелхарша йоьттина гIала.
Доьхначу дегнаша синошна кхел йоьхуш, арз деш,
ДогIанан цхьа тIадам лаьтта ца Iанабо Дала...
Сатийсам ма лолахь... Ца хилча санна дIагIолахь...
Дешнаш ма диталахь... Айхьа уьш мел хаза аларх,
Совдаьлча мерзачу мазах а Iаьржа дIовш хилла...
Серсачу догIано экаме хьистина Iалам,
Шийлачу вертанца дIахьулдеш тIеюссу чилла...
Дешнаш ма диталахь... Бералла санна дIагIолахь...
Цхьа дагалецам бен ца буьтуш дIагIолахь. Суна,
Диц ца дан цкъа мацах сан ирсе мIаьргонаш хиллий...
Мел вéха хьо ларйан сайн дагчохь сел хаза, къона,
Яздан а хьоьх лаьцна чекхдала йиш йоцу илли...
Тийналла ца къахкош, кIайн марха санна дIагIолахь...
дешнаш - Эльдиев Микаил
мукъам баьккхинарг а, илли дIаолург а - Келоев Iийса

Комментарии